Essays.club - Получите бесплатные рефераты, курсовые работы и научные статьи
Поиск

Аьккхийн диалектехь грамматически классаш

Автор:   •  Март 25, 2023  •  Реферат  •  4,813 Слов (20 Страниц)  •  208 Просмотры

Страница 1 из 20

МИНИСТЕРСТВО ПРОСВЕЩЕНИЯ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ

ФЕДЕРАЛЬНОЕ ГОСУДАРСТВЕННОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ ВЫСШЕГО ОБРАЗОВАНИЯ «ЧЕЧЕНСКИЙ ГОСУДАРСТВЕННЫЙ ПЕДАГОГИЧЕСКИЙ УНИВЕРСИТЕТ»

ИНСТИТУТ ДИСТАНЦИОННОГО И ЗАОЧНОГО ОБУЧЕНИЯ КАФЕДРА ЧЕЧЕНСКОЙ ФИЛОЛОГИИ

РЕФЕРАТ

Аьккхийн диалектехь грамматически классаш

Выполнила:

Студентка 2 курса

Группы ЗЧЛ-201

Ильясова Хеда Беслановна

Проверила:

Преподаватель кафедры чеченской филологии

Грозный,2022


Чулацам

ДIадолор        3

1. Литературни меттан лексикин тайпанаш        5

2. Грамматически классаш Аьккхийн диалектехь        8

Дерзор        19

Пайдаэцна литература        20


 ДIадолор

Шен дозан ТIехь Iаламат дукха меттанаш хиларца эзар шераш хьалха дуьйна гIараяьлла ю вайн Кавказ. Шен лаьмнийн баххьашкахь дIатоьхна хилла бохуш а, вуьйцучу Пхьарматах лаьцна долчу ширачу дийцаршца цхьаьна, цу заманахь Кавказан лаьмнашкахь Iаламат дукха меттанаш хилла бохуш а, дуьцура цу ширачу, бIешераш хьалха кхолладеллачу дийцарша. Деккъа дийцарш тIера дIа а даьлла, йозанан тоьшаллаш а карадо Кавказ шен тукхамаш а, меттанаш а алсам хиларца гIараяьлла хиларна а, и бакъ а деш. Дийцира уггаре а хьалха нохчийн маттахь шиъ бен грамматически класс ца хилла бохуш: адамийн, кхин йолу массо а хIуманийн. Ваха Джохаевича дийцира Кавказехь дехаш долчу цхьадолчу къаьмнийн масала, картвельски, адыгски, убыхски метнашкахь и грамматически классан категори дIаяьлла бохуш.

Нохчийн мотт ширчех хиларан тоьшаллех цхьаъ – грамматически классаш ю. Уьш нохчийн литературни маттахь ялх ю, ткъа диалекташ иссане кхаччалц ю боху Iилманчаша. Масала, Веданхойн диалектехь ворхI ю, Итумкхаллахойн – бархI, Шотойн – исс.

Муьлххачу а цIердашан юххе гIоьналлин хандош ву; ю; ду; бу; ХIотторца къастайо грамматически класс. Хьалхара ши класс адамийн ю, важа йиъ класс кхийолчу ХIуманийн ю. Бакъду, нохчийн маттахь масех цIердош ду, адам билгал а деш, амма хьалхарчу шина классехь а доцуш. Масала: нускал (ду), адам (ду), бер (ду), буо (ду), къу ТIа (ду). Шаьш адамийн цIерш ларлушшехь, я божарийна, я зударийн класса чу ца до гIу уьш. Цара мила? бохучу хаттарна жоп ло, цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь цу цIердешнашца ду боху гIоьналлин хандош лела. Йоьал гIа грамматически класса (ду-ду) чу до гIу и дешнаш.

Шинна а грамматически классехь хила тарло муьлхачу къоман я тайпан хилар гойту стаг я зуда. Масала: гуьржи (ву; ю), пешхо(ву; ю), ЧIинхо (ву; ю). Иштта кхечу маттера тIеэцна я вайн маттахь корматалла билгалъеш долу цIердешнаш: профессор, менеджер, инженер, хьехархо, хьархо, пондарча, турпалхо, и. дI. кх.

Юьхьанца тхуна Iамадора божарийн, зударийн, кхийолчу хIуманийн классаш ю бохуш. ТIехьа уьш ялх хилар билгалъеш, хIоранна шен йогIуш йолу лоьмар юйла а хоуьйтуш, Iамийра. Массо а цIердешан шен грамматически класс хилар тхуна керла дара. Оха чохь, арахь, гуш йолу, гуш йоцу хIуманийн цIерш дIа а язйой, церан грамматически класс билгалйора. Дукхахдолу цIердешнаш кхоал гIачу классехь хуьлура. Тхуна хаа лаьара иза иштта хIунда ду.

 


1. Литературни меттан лексикин тайпанаш

Литературни мотт, йозанца хилла ца Iаш, шера а, нийса а, говза а, КIорггера хуучара барта а буьйцу.

Литературни меттан норманаш, бакъонаш ларъеш буьйцуш хилча, цунах бакъонца литературни исбаьхьа, говза, хаза мотт хуьлу. Цуьнан стилех пайда а оьцу вай. Нийсааларан а, нийсаяздаран а, грамматикан а, маьIнашна дешнаш нийса харжаран а, стилистикан бакъонех литературни метан норманаш олу.

 И норманаш кху кепара ю:

  1. Лексически (дешнаш шайн маьIница нийса далор)
  2. морфологически (дешнийн морфологически форманаш нийса ялор)
  3. синтаксически (дешнех предложенеш нийса ХIиттор)
  4. орфоэпически (дешнаш нийса ала хаар)
  5. орфографически (дешнаш нийса яздан хаар)
  6. пунктуационни (йозанехь сацаран хьаьркаш нийса лелор)
  7. фонетически (дешнашкахь къамелан аьзнаш нийса олуш лелор)
  8. стилистически (меттан стиль ларъяр а, шен ойланаш нийса йийца хаар а)

Литературни меттан норманашний, меттигерчу меттан дешнашний юкъахь башхо ю.

...

Скачать:   txt (43.5 Kb)   pdf (568 Kb)   docx (377.5 Kb)  
Продолжить читать еще 19 страниц(ы) »
Доступно только на Essays.club