Нохчийн метан дожарийн форманаш
Автор: makka • Май 23, 2018 • Курсовая работа • 2,339 Слов (10 Страниц) • 1,831 Просмотры
ЧУЛАЦАМ
ДЕШХЬАЛХЕ…….............……………………………………………………….3
- ДАКЪА. ГРАММАТИКА................................................................................4
- Грамматикин чулацам а, цуьнан маь1на а. Морфологи............................4
- Грамматически категореш............................................................................5
- ДАКЪА. НОХЧИЙН МЕТТАН ДОЖАРШ.....................................................8
2.1 Нохчийн метан дожарийн форманаш..............................................................8
2.2 Ц1ерниг дожар...................................................................................................9
2.3 Доланиг дожар...................................................................................................9
2.4 Лург дожар.......................................................................................................10
2.5 Дийриг дожар...................................................................................................11
2.6 Коьчалниг дожар.............................................................................................11
2.7 Хотталург дожар.............................................................................................12
2.8 Дустург дожар.................................................................................................12
2.9 Меттигниг дожар.............................................................................................13
ДЕШТ1АЬХЬЕ…….............………………………………………………….….14
ЛИТЕРАТУРА…………..........…………………………………………….........15
ДЕШХЬАЛХЕ
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Нохчийн маттана тахана, ша пачхьалкхан меттан даржехь когахIуттучу дийнахь, чIогIа оьшу вайн ларам а, безам а.
«Халкъана уггаре а ч1ог1а оьшург мотт бу, нагахь кхечу халкъашлахь шен башхалла, 1ер-дахар, амал, дуьнене хьежамаш а болуш даха а, шен оьмар еха хила а лууш делахь»
Адамийн ойланан а, уьйран а г1ирс болу вай буьйцу мотт 1аламат чолхе бу. Шен-шен башхаллаш а йолуш, маттахь коьрта ши дакъа билгалдаккха тарлур ду: дешнийн латтам а, грамматически х1оттам а.
Дешан латтам, кхолладалар, цуьнан форманаш, къамелан дакъош 1амош долчу 1илманах морфологи олу.
Нохчийн меттан лексикехь, морфологехь, меттан исторехь кхиамца болх беш схьавог1уш ву филологически 1илманийн доктор, Нохчийн Академин академик К.З. Чокаев. Къаьсттина йоккха меттиг д1алоцу цуьнан белхаша нохчийн меттан морфологи 1аморехь. «Морфология чеченского языка» ц1е йолу цуьнан болх 1илманан лакхара мах болуш бу.
Морфологехь коьрта меттиг д1алоцуш грамматически категореш ю.
Нохчийн меттан грамматически категореш ю терахьан категори, дожарийн категори, хенан категори, грамматически классийн категори иштта д1а кхин а.
Белхан 1алашо: Нохчийн маттахь дожарийн категориш таллар.
Талламан объект: дожарийн категориш
Талламан предмет: дожарш
Таллам д1абаьхьира ишттачу муьрехь:
- Цу теманца йолу литература талларца.
- И хаттар научни хьолехь муьлхачу т1ег1е т1е кхаьчна а, цунна лерина долу белхаш а талларца а, царах пайда эцарца а.
1 ДАКЪА. ГРАММАТИКА
- Грамматикин чулацам а, цуьнан маь1на а. Морфологи
Адамийн ойланан а, уьйран а г1ирс болу вай буьйцу мотт 1аламат чолхе бу. Шен-шен башхаллаш а йолуш, маттахь коьрта ши дакъа билгалдаккха тарлур ду: дешнийн латтам а, грамматически х1оттам а. Маттахь долу дерриг а дешнаш лексикехь 1амадо. Кхузахь коьрта тидам дешнийн маь1нина т1е бохуьйту. Грамматикехь дешан хьал ца 1амош, дешнийн цхьаьнакхетаран башхаллаш а, цхьатерра грамматически категореш хилар бахьана долуш, цхьана тобан чу дог1учу дешнийн башхаллаш а 1амайо; цкъацкъа лексически а, грамматически а аг1онаш шаьш къаьстина долчу дешнашкахь а билгалъяхалур йолуш хуьлу.
Грамматически башхаллаш, лексически башхаллашца юьстича, шайн къаьсттина г1ирсаш болуш ю, аьлча а, грамматически башхаллаш дешнашкахь (лексически маь1на шена чохь долчу декъехь - орамехь) билгалйовлуш яц, уьш (грамматически башхаллаш) морфемашкахь я церан (морфемийн) маь1нехь лелачу дешнашкахь (масала, дешт1аьхьенашкахь), интонацехь билгалйовлуш ю.
Вай далийначу масалша гойту, лексически г1ирсашца билгалдаха йиш йоцу маь1наш грамматически г1ирсашца билгалдаха йиш йолуш хилар. Грамматически г1ирсаша цхьа ойла билгалйоккхуш долчу дешнийн вовшашца уьйр хуьлуьйту. Вовшашца грамматически уьйр а йоцуш (и уьйр тайп-тайпанчу меттанийн башхаллашка хьаьжжина хила еза), схьаэцначу дешнаша цхьа а тайпа ойла билгал ца йоккху. Масала: та1айой, шело, дог-ойла, сингаттам, латто, амма грамматически уьйр цу дешнийн хилча, цара ойла билгалйоккхур ю: Дог-ойла, та1айой, сингаттаме латтайора шелоно.
...