Essays.club - Получите бесплатные рефераты, курсовые работы и научные статьи
Поиск

Мукъачу а, мукъазчу а аьзнийн керлачу бакъонашца нийсайаздар

Автор:   •  Февраль 12, 2023  •  Реферат  •  4,127 Слов (17 Страниц)  •  208 Просмотры

Страница 1 из 17

Мукъачу а, мукъазчу а аьзнийн керлачу бакъонашца нийсайаздар


Чулацам

Д1адолор        3

1. Мукъачу аьзнийн керлачу бакьонашца нийсаяздар        5

2. Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн нийсаяздаран бакъонаш        15

Дерзор        18

Пайдаэцна литература        19


Д1адолор

Нахски къаьмнаш чу нохчий, гIалгIай, бацой богIу.

Вайнехан меттанаш Iилманца талларна хьалха дуьйна тIе тидам бахийтина хилла Iилманчаша. Нахски меттанийн кIезиг лексически материал карайо 1791 шарахь Гюльденштедта арахецначу балха тIехь («Путешествие по России и горам Кавказа»).

Нохчийн мотт Iаморехь Iаламат йоккха мехала лар йи-тина П.К. Услара. Цо ялх монографи язйина кавказски тайп-тайпанчу меттанех лаьцна. Уьш ду абхазски а, нохчийн а, аварски а, лакски а, даргински а (хюркилински), лезгински а меттанаш. 1862-1863 шерашкахь хIоттийна П.К. Услара нохчийн маттах йолу монографи, амма араяьлла иза 1888 шарахь Тифлисехь. Абхазски а, нохчийн а меттанех лаьцна Услара хIоттийначу монографин лакхара мах хадорца цунна совгIатна Демидовски преми елира. Нохчийн меттан фонетически система, къаьсттина мукъачу аьзнийн хийцамаш билгалбахарехь цхьацца гIалаташ хиллехь а, Услара бина болх нохчийн мотт Iаморан исторехь хаъал дакъа дIалоцуш бу. Тахана а ца яйна цуьнан белхан Iилманан мехалла.

Нохчийн йоза кхолларехь а бина XIX-чу бIешарахь цхьацца белхаш. Нохчийн йоза кхолларехь вайна хIинццалц хууш йолчарах дуьххьарлера гIулч яьккхина 1861 шарахь. Цу шарахь  Тифлисехь  арахийцира  оьрсийн  графически  буха тIехь И. Бартоломейс хIоттийна хилла йолу «Чеченский букварь». 1862 шарахь Тифлисехь арахийцира Досов Къедас нохчийн маттахь хIоттийна, «Нохчуjн джуж ду hapa» аьлла, книга.

1911-чу шарахь Эльдарханов Таьштемира арахийцира Тифлисехь «Нохчоjн муотт» аьлла цIе а йолуш, нохчийн абат а, дуьххьарлера дешаран книга а. Ненан маттахь дIахьош хьехар а долуш, дуьххьарлера нохчийн школа йиллира гIapa-ваьлла хилла волчу иберийско-кавказски меттанаш таллархо-чо Услара. Цхьана шарахь а ца лаьттира и школа. Цу зама-нахь къоман школа а, литература а кхолларна дуьхьалонаш дукха яра.

1923-25-чуй шерашкахь хIиттийра нохчийн а, гIалгIайн а алфавиташ. Нохчийн алфавит хьалха Iаьрбийн, цул тIаьхьа латински графически буха тIехь хIоттийра, гIалгIайн алфавит юьхьаьнца дуьйна а латински графикан буха тIехь хIоттийна. 1938-чу шарахь латински графикан метта оьрсийн графика юкъаялийра.

 


1. Мукъачу аьзнийн керлачу бакьонашца нийсаяздар

Иберийско-кавказски меттанашна юккъехь, шен мукъачу аьзнийн система яьржина хиларца, къаьсташ бу нохчийн мотт. Iилманчаша-кавказоведаша П.К. Услара, А. Шифнера, Альф. Соммерфельдта, Д.Д. Мальсаговс, Н.Ф. Яковлеве, Д.С. Имнайшвилис, М.Д. Чентиевас, Ю.Д. Дешериевс, Т.И. Дешериевас, А.Г. Магомедовс шайн белхаш тIехь леррина тIе тидам бахийтина нохчийн меттан вокализмана.

Нохчийн меттан а, доллучу а нахски меттанийн а фонетически система талларехь уггар а доккха дакъа дIалоцу Ю.Д. Дешериевн а, Д.С. Имнайшвилин а белхаша. Уггар а буьззина болчу барамехь нахски а, нохчийн а меттанийн фонологически система, билгалъяьккхина, гайтина ю Ю.Д. Дешериевн «Современный чеченский литературный язык», часть I «Фонетика» (Грозный, 1960); «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» (Грозный, 1963) белхаш тIехь а, иштта Д.С. Имнайшвилин «Историко-сравнительный анализ фонетики нахских языков» (Тбилиси, 1978) балха тIехь а. Iилманчийн кхоччуш сецна яьлла ойла яц, маса мукъа фонема ю хIинцалерчу нохчийн маттахь, аьлла, долчу хаттарна. «Всего в современном чеченском языке более 30 гласных фонем», - бохуш, яздо Ю.Д. Дешериевс.

...

Скачать:   txt (40.6 Kb)   pdf (225.8 Kb)   docx (51.5 Kb)  
Продолжить читать еще 16 страниц(ы) »
Доступно только на Essays.club